ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дивнична дуьхьал ву Алаудинов: "Ахматан" командир йукъахь волуш йуха а дов нисделла


Алаудинов Апти
Алаудинов Апти

Оккупаци йинчу Луганскехь бассейнна гергахь иккхинчу девна йукъахь нисвелла "Ахмат" спецназан буьйранча Алаудинов Апти а, ММА-н латархо Дивнич Максим а. Цу инциденто йоккха гӀовгӀа йаьккхира, къаьмнашна йукъахь цабезам кхуллуш ву аьлла, бехкаш а дохуш, массарна хьалха къинтӀера довлар деха декхаре а вира Дивнич. Оцу кепара кхин тIе а чIагIдира Кремлехьа болчу националисташна а, Оьрсийчоьнан дакъойн нохчийн векалшна а йукъахь лаьтта дов.

Украинехь тӀом боьдучу йукъана, националисташа муьлхха а нахана йукъахь даьллачу девнах кест-кеста пайдаоьцу шайна реклама йеш. Шаьш оьрсийн бакъонаш Iалашйийраш ду бохуш, къамелаш а деш. Иштта Дивнич ша оьрсий ларбеш верг санна дIагайта хьийза, мигранташ а, диаспораш а даккхий зуламаш дарна бехке а беш. Цо пачхьалкхера оьрсий боцчу бахархошна дуьхьал популистийн, дукха хьолахь шога къамелаш дар шуьйрачу аудиторино чIогIа тIеоьцу.

Товбеца-беттан 17-чу дийнахь ММА-н латархочо шен телеграм-каналехь зорбане йаьккхира Луганскерчу бассейнна уллехь нохчийн эскархочуьнца Берсаев Ӏалиханах леташ йолу видео. Цу тIехь хеза цо мохь хьоькхуш, ша "лугандонхошна" гойтур ду "Ахмат" хӀун йу бохуш. Дукха хан йалале Алаудинов Аптис дӀахьедира, конфликт хилла "товбеца-беттан 11-12-чохь", ткъа Берсаев "Ахмат" спецназца цхьа а уьйр йолуш вац - иза гӀуллакх деш ву "Шторм-V" декъехь аьлла. ХӀетте а, хиллачух лаьцна дийцарш совцуш дац – Алаудиновс цхьа могӀа посташ зорбане йаьхна, Оьрсийчоьнан хаамийн гӀирсашна комментареш йелла.

Шена догIучунна, Оьрсийчоьнан президентехула адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочо Ахмедова Маринас дӀахьедира, шена хетарехь, Нохчийчоьнан меттигера бахархой кест-кеста жоьпаллех бовла хьийза шаьш харцахьа леларна, йа цхьа зулам шайгара даьллехь. Цул тӀаьхьа Соьлж-ГӀалара видеош зорбане йоху, шаьш "дерриг а кайфехь" ду шайн бохуш, дIагойтуш. Цу гӀуллакхо, адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочо дийцарехь, нахехь оьгӀазло а, эргIадалла а кхуллу.

Ишта Оьрсийчоьнехьа тIом беш ду – цхьа а оьрси вац

Дивнична гӀортор йеш къамел дира Ӏедалехьа волчу тӀеман корреспонденто Котенок Юрийс а. Цо элира, ММА-н латархочуьнгара къинтӀера довлар дехар, иза хьийзо Iалашонца лелош хIума ду. "Цуьнан къинтӀера довла баха хӀумма а дац", - йаздина Котенок Юрийс телеграмехь. Къаьркъа мелла вара бохуш, вуьйцучу нохчийн эскархочуьнца йаьккхина видео зорбане йаьллачул тӀаьхьа, ша спортхочо масех жоп делира. Цо бохура, тидам девнна бехке волчунна тӀера шена тӀе бахана аьлла: "Ма сиха йицйи вай бакъйолу боьха хIума,"мостагIчунна" Дивнична тIе а доьрзуш".

"Лугандонех" мохь бетташ хиллачу Берсаевх лаьцна аьлча, цо дӀахьедира, ша вацара питана динарг – цо бахарехь, дуьххьара дов долийнарг Дивнич ву. Иза, эскархочо чӀагӀдарехь, тӀечӀагӀдо тешаша а, йуьхьанца дуьйна дIайазйина видео а йу. Камера хьалха хIоттийна, хеттарш динчул тӀаьхьа "Ахматан" буьйранчас дӀахьедира, Берсаев тIеман хьалхарчу могӀане хьажийна – "йуьхьанца дуьйна иза хила везачу метте" аьлла.

Дивничах лаьцна дуьйцуш, Алаудиновс элира, цу хьолах цо пайда эцна ша-шена пиар йеш, къаьмнашна йукъахь даьлла дов ду бохуш, дийцийта бахьана а доккхуш. Цо бехке вина спортхо, тӀеман министраллан декъан дискредитаци йан гӀортарна, тIедожийна цунна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх долор, ишта шаьш къинтIера дахар а. Цхьана видео тӀехь "Ахматан" буьйранчас 18-зза элира ММА латархочух "Диваныч" аьлла.

Цу тӀехь ца сецира Алаудинов Апти, цо кхин дIа а шена гӀортор йеш кампани дIайаьхьира берашка видеокхайкхамаш а бойтуш. Цхьана кӀанта ша "Шустрый" ву аьлла, дӀакхайкхийра: "Берийн "Ахмат" эскаро бекхам бийр бу шух". Денис цӀе йолчу кхечу кIанта дийцира, ша Алаудиновн хӀора вистхиларе хьоьжуш а ву, массо а хӀуманна тӀехь цуьнца реза а ву ша аьлла. Аделина цӀе йолчу бархI шо долчу йоӀа а (важа бераш цул а даккхий хета) дIахоуьйту шегара а, шен накъосташкара а нохчийн инарлехьа шаьш хилар. Шен къамел дерзошbолу цо: "Ахмат – доттагӀалла!"

ТӀаьххьарчех цхьаъ йара эскархоша рогӀ-рогӀехь шайн къаьмнийн цӀераш йохуш йаьккхина видео – нивх, чукчи, якут, таджик, казах, нанай, юкагир, бурят. "Иштта къуьйсу оха Оьрсийчоьнехьа – цхьа а оьрси вац", - боху видео тIехь дакъалаьцначех цхьаммо. Цуьнца цхьаьна видеона бухахь йаздина ду: "Кхузахь бу вайн заманан бакъболу турпалхой – Оьрсийчоь ларъеш болу бакъболу Оьрсийчоьнан эскархой, ткъа вуьйш оцу заманчохь бассейнаш чохь луьйчуш бу".

Дивничца Алаудиновн хиллачу девнах лаьцна цхьана а кепара йина комментарий йац йа "ЛНР-н" Iедалхой бу бохучара а, йа Оьрсийчоьнан тIеман минимистралло а.

ХIара дуьххьара хилла хIума дац "Ахматна" а, Оьрсийчоьнан националисташна а йукъахь хилла. Цу тайпа инцидентех цхьаъ йара 2024-чу шарахь гезгамашин-баттахь Анапера клубана уллехь хилла дов, цигахь шина аниматорна йиттира. ШолгӀачу дийнахь ГӀебартойн-Балкхаройчохь лаьцнера шеко йолуш ши стаг, царех цхьаъ "волонтер" Заурбеков Зелимхан вара, хьалхо Алаудиновс совгӀат дина волу.

Цул тӀаьхьа нохчийн инарло шен верси йовзийтира хиллачух лаьцна, цхьана йоӀа тӀелатар динарш сийсазбира бохура, "тикток-ан эскарш" бохуш, кхаьрдаш. Ткъа дов доладелла бохура, цо "Сийлахьалла Украинина"аьлла, мохь тоьхначул тӀаьхьа. Иштта цо бехке йира Оьрсийчоьнан талламан органаш озабезаме хиларна, бехктакхаман гӀуллакх "Ӏедалан дехарца" схьадиллира, "кхетам болуш дацара" бохура.

ТӀаьхьо "Комсомольская правда" газетана йеллачу интервьюхь Алаудинов кхин а гена велира – цо дIахьедира пачхьалкхехь нохчашна дискриминаци йо аьлла. Цо дийцарехь, Нохчийчуьра бахархой йукъахь болуш даьллачу муьлххачу а девнехь уьш бехкебо, дош дашера даьлла хIума хилахь Оьрсийчоьнан официалан хаамийн гӀирсашкахь къаьмнашна йукъара барт эгIар санна лору. Ткъа шаьш нохчий, боху, леррина Кавказан чоьхьа латтош бу, федералан ницкъаллина структурашка а ца оьцу балха.

"Оьрсийчоьнан коьрта мостагIий нохчий ма буй, кхетий хьо. Шуна мостагIий бац украинхойн бандитийн вовшахтохараллаш, НАТО блок а мостагIий бац шуна, шун коьрта мостагI – нохчий бу", - дахьедира "Ахматан" командиро. Цул хьалха а къедораш йора цо, оьрсий националисташна тIехь куьйгалла дийриг ФСБ йу бохуш.

Нохчийн политологна, Соьлж-ГӀаларчу цхьана университетан хьехархочунна (оха цуьнан цӀе ца йоккху кхерамазаллин бахьанашца) хетарехь, Алаудинов Аптина а, кхин болчу оьрсийн боцучу "патриоташна" а хьалха лаьтташ йерг дӀайаккха йиш йоцу проблема йу: мел чӀогӀа гӀертарх, уьш буьсу "шолгӀачу классан" нах санна Оьрсийчоьнан йукъараллехь. "Ткъа цхьана а стеган тӀеман а, политикан а, я кхечу цхьана а сферехь хиллачу кхиамаша радикалан кепара хийца йиш йац и хьал", - аьлла хета къамелхочунна.

Оьрсийчохь нохчий- "шолгIачу классан" нах хета. Нохчий боцурш а

Цунна хетарехь, йукъараллана мобилизаци йеш ксенофобех пайдаоьцу. Революцин хенахь большевикаша а, меньшевикаша а дора ишта. Политолого бахарехь, хIинца Оьрсийчоьнан куьйгалло а изза до, Украинаца тӀом бан эскархой гулбеш- цо пачхьалкхера къаьмнашна йукъара мостагӀалла кхин а чIагIдо. Оцу йуккъехула, экспертана хетарехь, къаьсттина декъаза хета Алаудинов. Бахьана долуш а, доцуш а националисташца девне вуьйлу иза, ша "йиттина жIаьла" санна.

Джордж Вашингтонан цӀарахчу университетан Ӏилманан белхахочунна Ильясов Маратна хетарехь, Дивнична а, Алаудиновна а йукъахь кӀорггера мостагӀалла дац – цара тайп-тайпана позицеш ларйо: ММА-н латархочо "оьрсийн бакъонаш ларъярхо" санна лела, ткъа "Ахмат" спецназан буьйранча – кегийчу къаьнийн позицешца хьоьжу. ТӀаьххьарниг, къамел динчунна хетарехь, цхьаъ ларвеш волчул а, шен эскархой инцидентаца боьзна бац ала гIерта. Ма-дарра аьлча, бехказавийла гIертар ду и".

"Оьрсийчохь нохчий "шолгӀачу классан къам ду". Нохчий хилла ца Ӏаш, массо кегий къаьмнаш ишта хета. Алаудинов кхета цу хьолах. Иза шен къамелехь Дивниче ала гӀерта: хьажахьа, со Оьрсийчоьнехьа къийсам латтош ву, ткъа хӀетте а хьуна со хьайн тIегIанера ца хета. Цо шен са ца кхоийна, ткъа Дивнича дина хIума дац оцу агIор – цундела и шиъ хуьлийла а дац цхьатеррачу позицешкахь. Иза – оцу "Оьрсийн йукъараллехь" ву. Алаудиновна иза ца тов", - кхетийра Ильясовс.

Цо бахарехь, "Ахматан" командир пачхьалкхан системин декъехь вуьсу, иза декхаре ву цуьнан тIедахкарш кхочушдан, оцу хьолах лаьцна болу шен кхетам мухха хилча а. Амма мел чӀогӀа националистийн галморзахаллаш дӀанисъйан иза гӀертарх а, цуьнан аьтто хир бац хӀумма а хийца. ХӀунда аьлча, иза, кхиболу кегийчу къаьмнийн векалш а санна, Ӏедална а, йукъараллина а "шолгӀачу классан" стаг хилла вуьсу дела.

"Алаудиновс ца лов иза, вукхара а санна. Амма цуьнан дерриг а къамел эрна ду. Цо хӀумма а хуьйцур дац", - аьлла, дерзийра къамелхочо.

  • "Ахматан" командиро Алаудинов Аптис зорбанехь йаржийна диверсин-талламан "Русич" олучу тобанан куьйгалхочуьнца Мильчаков Алексейца йаьккхина видео. Иза дика вевзаш ву "Фриц" цIарца. Ша оьрсийн нацист ву бохучу стагаца цхьаьна видео тIехь нохчийн инарлас ша дIагайтар кеп-кепара тIеийцира z- блогерша а, хIинццалц масийттаза кадыровхошна луьйш хиллачу ультрааьтту агIор болчара а. Стенна оьшу Алаудиновна оцу гонера агIончаш, къастон хьаьжира тхан редакци.
  • Стохка дечкен-баттахь гучуделира, оккупаци йинчу Мелитополехь кехаташ толлуш хиллачу Оьрсийчоьнан тӀеман полицин белхахочунна нохчийн "Восток-Ахмат" батальонера тӀемалоша тӀелатар дина хилар.
  • 2022-чу шеран ГӀура-баттахь Украинин къайлахчу сервисаша дIахьедира, Оьрсийчоьнан тIеман дакъошна йукъара БуьритӀера а, Нохчийчуьра а эскархоша герзаш деттарх Херсонан кӀоштахь.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG